Запись - Варелах1 ма г1олахь поэте Маре))))

Варелах1 ма г1олахь поэте Маре))))

Варий, йоl, ма гӀолахь поэте маре.
Ма теша поэтах, дийцарх цо говза.
СовгIатна кхийдор ду стигланийн дари
Бохур ду: — ГӀо вайша седарчех ловза!

Ткъа кхано — ахь хӀусам готта ю алахь,
Йоьшур ю стих хьуна: «Даймохк бу шуьйра.»
Я чохь-тӀехь оьшуриг далхо хьо ялахь,
lexop ю, бер санна, дийцина туьйра.

Шун хӀусам яьккхинчу книгашна юккъехь
Ма леха карор яц хьуна сберкнижка.
ГӀелъелла ахь бахарх, аьхкенан юьххьехь
Юьгур яц шеца хьо Соче я ЧӀишка.

Суьйренаш хийла а токхур ю корехь,
Тийналлин марахь ахь, дагах цӀелетта.
Ткъа поэт, хьан майра, оьгIаз ма гӀолахь,
Лаьттар ву кхечуьнга кхийдош хӀоз беттан!

Варий, йоӀ, ма гIолахь поэте маре.
Ма теша поэтах, дийцарх цо говза.
СовгIатна ма эца стигланийн дари,
Ма гӀолахь хьо цуьнца седарчех ловза.

Арсанукаев Шайхи

Стихи
Комментарии 0
Пока нет комментариев
Извините, для вас комментирование недоступно
Ко всем записям

Поделиться ссылкой
Реклама

Создание сайтов в г. Грозном
Мы, студия “Вай Хостинг”, сделаем все возможное для того, чтобы сайт нравился вам и вашим клиентам