Запись - Ненан Мотт

Ненан Мотт

Доьзалехь бийцара дастама хеташ,
Хьо винчу ненам мотт дIатесна ахь.
Сов къена бу дешнашна, бац атта кхеташ,
Бохуш, и сийсазбан ца хета иэхь!

ЛадогIа цкъа соьга, декъаза корта,
ЛадогIа яккхий дIа лергара потт.
Йистйоцу х1орд санна бу хьуна шортта,
Ша хууш волчунна вайн нохчийн мотт.

ГIиллакхе, оьзда бу доттагIче буьйцуш,
МостагIе вистхууьлуш ду ира герз.
Хьомечу езаре безам ахь буьйцуш,
Бека и, шех хуьлий хьан деган мерз.

БIешараш хийла а ихна и бекаш,
Хьацарлахь, къийсамехь кхиина и бу.
Кхоьллинчу халкъана хьанала бецаш,
Даиман ша хилла Нохчийн Мотт бу.

Вай къоман ойланаш, дахар а гIийла,
Далхадеш, къийсамна гIиттийна цо.
Нохчочун майралла, оьздалла хийла,
Зевнечу иллешкахь екийна цо.

Кхидолчу къаьмнашна тайпнаш санна,
Нохчошна шайн ненан мотт хьоме бу.
Нагахь хьо ца вагIахь хьайн халкъацанна,
Хаалахь, декъазниг, хьо цхьалха ву!

Шайхи Арсанукаев

Стихи
Комментарии 0
Пока нет комментариев
Извините, для вас комментирование недоступно
Ко всем записям

Поделиться ссылкой
Реклама

Канал Agressor
Подписывайтесь на канал в Ютубе